29 марта, 2024

Дишни-Веданарчу №1 йолчу юккъерчу школехь д1адаьхьира берийн дай-наношца цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъа лоцуш вара к1оштан ийманехь кхетош-кхиоран юкъараллин кхеташонан куьйгалхо Чагаев Ваха-1ела а, Дишни-Ведана маьждиган имам Куразов Юнус-хьаьжа а, ПДН-н декъан куьйгалхо Садулаев Акраман а, к1оштан ГИБДД декъан куьйгалхо Шамилев Ризаудди а.
Дешархойн дай-наношка вистхуьлуш юкъараллин кхеташонан куьйгалхочо Чагаев Ваха-1елас а, Дишни-Ведана маьждиган имама Куразов Юнус-хьаьжас а дийцира вайн т1екхуьу чкъор т1е б1аьрг биллина вай лардан дезаш хилар, царна диканиг хьоьхуш, массо а цхьабосса орцахваьлла, церан г1айг1а беш хила веза аьлла. Дешархошка шаьш бистхуьлуш, цара юха а карладаьккхира вайн къоман г1иллакх-оьздангалла ларъян езаш хилар. Шари1атехь, т1арикъатехь само еш, г1иллакхан гурашкара ца довлуш хила деза вай даима а аьлла, билгалдира цара.
Шамилев Ризауддис шен рог1ехь карладаьккхира некъан бакъонаш ларъян езаш хилар а, берашна и сих-сиха дийца дезаш хилар а.
Терроризмах а, экстремизмах а лардаларан некъаш дуьйцуш, зуламечух къахка дезар карладоккхуш д1адаьхьира и цхьаьнакхетар.

Петирова Пет1амат.