4 декабря, 2022

Бахархошца цхьаьнакхетар

Д1адаханчу п1ераскан дийнахь рузба д1адаьллачул т1аьхьа к1оштан куьйгалхочун заместительша Дужаев Мовсура а, Мадаев Ризвана а Тевзанарчу бахархошца цхьаьнакхетар д1адаьхьира. Цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш к1оштан къеда Газимагомаев Илисхан а вара.

Юьртан хьашташ дийцаре динчул т1аьхьа, дийца дехира уггаре а хьалха чекхдаха дезаш долу г1уллакхаш. Царах хьалхарчу рог1ехь ду ц1енош а, бошмаш а долаяхаран кехаташ кечдар а, регистраци яр а.
Нагахь санна, цу г1уллакхан сихо ца яхь, газ д1асайигар маьхза хилар чолхе дер ду, цу программи юкъа ца боьлхуш буьсур бу бахархой.
К1оштан х1ора вахархочун аьтто хилийта, 1едалера оьшу г1о царна дан шен хан ца кхоош къахьоьгуш ву к1оштан куьйгалхо Абдулазизов Шарпуди. Цо х1оразза а билгалдоккху, кехаташ кечдарехь администрацера оьшу г1о хьем боцуш хир ду олий.

Тунтуева Танзила

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован.