29 марта, 2024

Еза хенаш лоьруш, цу хенийн хьурмат деш, 1амал-1ибадат совдоккхуш, саг1а алсамдоккхуш схьадог1у вайн къам шари1атан а, т1арикъатан а новкъахь.

Кху безачу Раджаб-беттан уггаре а еза лоруш йолу Ми1раж-буьйса денъеш, 1амал ян гулбеллера Веданарчу доккхачу маьждиге к1оштара бахархой.
Аллах1 хестош, Элчанна (делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ доьхкуш, мовлад а доьшуш, д1аяьхьира и еза буьйса.
Иштта к1оштан ерриге а ярташкарчу маьждигашкахь а йира цу буса 1амалш.

Тунтуева Танзила