4 декабря, 2022

Вайн къам махках даккхар дагалоцуш

Сийначу Сибрех вайн халкъ дигина кхузткъе берх1итта шо кхочуш, х1етахь беллачу вайн дайшна-наношна т1ера, церан синсовг1атна доккха саг1а даьккхира Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу региональни г1оьналлин фондо.

Цунах дакъа Ведана к1ошта а кхачийра.
Веданахь а, Махкат1ехь а саг1анаш дохуш, зуькарш а деш нах вовшахкхетта меттиг а йира, к1оштан ярташка саг1ин дакъош а дахьийтира.
Берриге а 2350 доьзал бара саг1е хьашт бу аьлла билгалбинарг. Царна жижиг а, кхачанан сурсаташ долу т1оьрмигаш а делира.
К1оштан админстрацин куьйгалхочо Абдулазизов Шарпудис шен ц1арах а, к1оштан бахархойн ц1арах а доккха баркалла элира, мискачу нехан даима терго еш, цаьрга г1оьналлин куьг кховдийна 1аш йолчу Фондан куьйгалхочунна Аймани Несиевнина.
Фондан балхах дерг дийца даьккхинчара, т1етоха дог1у, кху деношкахь цара буо-берашна ахчанца г1одар а.

Газиева Лизама

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован.