Дай-наношца цхьаьнакхетар дIадаьхьира

Т1екхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран болх цхьана дийнахь а тесна буьтуш бац. Цу 1алашонца цхьаьнакхетар д1адаьхьира Веданан №1 йолчу юккъерчу школехь. Берийн дай-наношца д1ахьош долчу цхьаьнакхетаре веанера к1оштан къеда Газимагомаев Илисхан а, Веданарчу маьждиган имам Муртазаев Аюб а, Веданарчу ОПДН-н инспектор Сириев Аюб а, ОГИБДД-н инспектор Шамилев Ризаудди а, иштта цхьамог1а хьеший а.

Дийцаре дан дехкинчу хаттарех коьртаниш дара: терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторна профилактика яр а, бераш лазорах лардар а, наркоманина дуьхьал къийсам латтор а.
Хаза кечйина видеоматериалаш а гойтуш, бераш а, дай-наной а кхетар болчу аг1ор, церан дагчу дуьжур долчу кепара къамел деш, вист мел хуьлучо шен декъехь шена зеделларг дуьйцуш, д1ахьош дара цхьаьнакхетар.
Шайна хуург, гинарг дийцинчул т1аьхьа, дешархойн дай-наноша лучу хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш а делира говзанчаша.
Массара а цхьабосса болх бича, шена дог1учу декъана х1орамма а само йича, вайн бераш могаш-таза кхиа а, парг1ат деша а, кхиамашка кхача а аьтто хир бара бохург дара цхьаьнакхетаран жам1.

Хабакаева Хеда.

(Смотрели 14 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *