25 мая, 2024

Россин Федерацин субъект йолу Нохчийн Республика еха Россин пачхьалкхан низамца а, 1едалан х1оттаман бехкамаш ларбеш а.

Пачхьалкхан коьртачу дезденойх коьртаниг ду Россин конституцин де. И де билгалдоккхуш даздарш д1адаьхьира республикин ерриге а хьукматашкахь а, к1ошташкахь а, ярташкахь а.
Ведана к1оштахь а д1адаьхьира конституцин денна лерина цхьаьнакхетар.
Цига гулбеллачаьрга вистхуьлуш къамел дира к1оштан администарцин куьйгалхочо Абдулазизов Шарпуддис а, цуьнан хьалхарчу заместитела Дужаев Мовсара а, к1оштан газетан коьртачу редактора Чагаев Ваха-1елас а.
Дезчу денца декъалдаран дешнаш а олуш, Конституцин мехаллех а, республикехь къепе а, низам а лардеш дахар вайн декхар хилар а дийцира къамел дечара.
Дезчу денна т1е а доьг1на, цхьаьнакхетаре схьакхайкхина бара к1оштара дейтта шо кхаьчна кхиазхой. Даздаран хьолехь паспорташ д1а а луш, декъалбира уьш. Шаьш йоккхачу пачхьалкхан гражданаш хилар а, шайн х1ора г1улч диканехьа яккха езаш хилар а дагахь латтаде аьлла, хьехар а дира царна.

Хабакаев Б.